ru
Ахьмадан Муса

Гулдина йозанаш 1

Értesítsen, ha a könyv hozzá lesz adva
Ennek a könyvnek az olvasásához töltsön fel EPUB vagy FB2 formátumú fájlt a Bookmate-re. Hogyan tölthetek fel egy könyvet?
Вевзаш волчу яздархочун Ахмадов Мусан гулдина йозанаш дуьххьара арахоьцуш ду. Уьш 5 жайнехь зорбатоха лерина. ХIокху гуларехь цхьаьнатоьхна дийцарш а, повесташ а. Иттех сов киншка (нохчийн а, оьрсийн а, французийн а меттанашкахь) арахецначу автора хIокху тайпана цхьаьнатоьхнарг ян а яц, ала мегар ду. «БочIа», «Деса бIар», «Десачу цIа чохь буьйса», «Денисолта», «Кхаа вешех туьйра», «Кхайкхар», «Хьан шовданан хиш», кхин дуккха а дийцаршкахь (дерриге 40 ду уьш), «Воккха стаг Очча», «Зингатийн барз а ма бохабелахь», «Иштта, дIавоьдуш, цу некъах ца туьлуш, чекхвала…», кхин а повесташкахь нохчийн къоман ерриг бохург санна синмехаллаш, синъоьздангалла карор ю. И мехаллаш говзачу маттаца, исбаьхьчу гIирсашца, тайп-тайпанчу басаршца, ойланийн бух боцчу маьIданашца ешархочуьнга кховдо хаар – и ю яздархочун говзалла кхиъна хиларан билгало.
Ez a könyv jelenleg nem érhető el
635 nyomtatott oldalak
Már olvasta? Mit gondol róla?
👍👎

Idézetek

  • Нохч Нохчоidézett6 évvel ezelőtt
    Иза, дезткъе кхоалгІачу шаре вирзина вуткъа-лекха воккха стаг, рагІун тхов тІехь якъаелла маззакъйоьллачу дечигах тера хийтира
  • Abbaz Çeçenidézett6 évvel ezelőtt
    троллейбусан шолгIачу социйлехь йоIана тIаьхьакхиа. Иза-м хир долуш хIума дацара. Иза-м Вахас шен даг чуьрчу терзан тIе а ца диллира.
  • Нохч Нохчоidézett6 évvel ezelőtt
    Ткъе итт шо кхочу кхуьнан, кхин бархI бутт баьлча, зуда ялон хан шозза тIехъяьлла

Könyvespolcokon

fb2epub
Húzza és ejtse ide a fájljait (egyszerre maximum 5-öt)